Get Adobe Flash player

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Тахана Нохчийн Республикан бахархоша даздеш ду ненан меттан Де. Дагадаийта лаьа, Ахьмад-Хьажин Рамзана 2007 шарахь шен омрица т1еч1аг1дира и деза де билгалдаккхар. Цу хенахь дуьйна нохчийн меттан Де х1ора шарахь а 25-чу апрелехь даздеш ду.

Мотт къоман йоккхачу билгалонах цхьаъ ю, шен кхоллам и мотт буьйцуш долчу къоман кхолламца а, цуьнан синмехаллашца а боьзна а болуш. къоман Даймахке болу безам кхачам боллуш латтош берг мотт бу. Иза д1аяханчу а, карахь йолчу а, т1ейог1ур йолчу а хенийн з1е латтош болу ондда г1ирс бу. Вайна юкъахь ненан мотт мел беха дехар ду къам а.

Билгалдаккха деза, республикан куьйгалло ненан меттан беш болу тидам коьрта бахьана а долуш, бахархошна юкъахь нохчийн маттаца ларам алсамбаьлла хилар. Мотт ларбан а, и кхио а 1алашо йолуш, т1еэцна пачхьалкхан программаш хилар ч1ог1а мехала г1уллакх ду. Х1унда аьлча, ненан мотт бу духхьара адамашна дахар довза а, мулххачу хьолехь а дахаран башхаллаш а, къоман оьздангалла йовза а 1амош, адамийн синкхача хилла, царах къомана а махкана а пайденна болуш, г1иллакх-оьздангаллийца къонахий кхиош берг.

Нохчийн мотт ларбар а, т1екхуьучу т1аьхенна мотт бовзийтарехь а, и кхиорехь а ницкъ кхочу дакъалацар – вайн х1ораннан а декхар ду.

Нохчийн Республикан Юкъараллин палатин декъахоша даггара декъалво вайн мехкан куьйгалхо, Россин турпалхо Ахьмад-Хьажин Рамзан а, иштта берриге а бахархой а Нохчийн меттан дезачу денца! Ирс-аьтто болуш, вовшашна юккъехь барт болуш, маьрша, токхе хуьлда вайн дахар массо а хенахь! 

 Нохчийн Республикан Юкъараллин палатин пресс-служба

ПОМНИМ!

Календарь событий

100 ЛЕТ

РУКОВОДСТВО